Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том. Бенедетти Франческо

Читать онлайн книгу.

Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том - Бенедетти Франческо


Скачать книгу
шерашкахь и ши къам бийца кхиам болуш дацара: церан дешаран тIегIа уггаре а лахара дара, ткъа мокъазалла а, бераш далар а йерриге а Советски Союзехула уггаре а лаккхара дара.

      [25] 1989-чу шарахь 15, 56% нохчий дишколан дешаран кечам хилла а бацара, 13,32% юьхьанцара школа чекхяьккхина бен бацара, 25% бен аьтто бацара дипломах дозалла дан. Историка Гакаев Джабра1ила дийцарехь, 70% нохчий бехачу ярташкахь дешар уггаре а лахарчу т1ег1анехь ду. Цаьрга дешийта оьшу г1ирс бац, я хьехархой а бац тоьуш. Ярташкара ишколийн арахецархойн аьтто бац шайн хааршца Россин г1аланашкара арахецархошца къисса, цундеоа нохчийн дешаран юкъара т1ег1а оьрсийнчул дуккха а лахара ду.

      60-70-чу шерашкахь Нохч-ГIалгIайчоьнан хилла кхиам хIинца цкъа а ца хилча санна дIабаьллера.

      И тайпа хьал дара мокъазаллин декъехь а. Уггаре а пайдехь йолу белхан меттигаш оьрсийша дIалаьцнера, къаьсттина мехкдаьттанца йоьзна йолу.

      Официальни гайтамашца Нохчийчоьхь хIинца а шарахь йиъ миллион тонн буьйда мехкдаьтта арахоьцуш доллушшехь а цуьнан заводашкахь 16—18 миллион тонн мехкдаьтта кечдеш доллушшехь а, промышленни центр хилла Соьлжа-ГIала йерриге а Россехь механически даьттанан гIирсаш арахецарехула хьалхарчу меттигехь йоллушшехь, массо а нохчо къен вара. Иза официальни гайтамаш бен бацара, амма ма-дарра кхин а совнаха дара Нохчийчоьхь доккхучу мехкдаьттанан терахь.

      [26] 1980-чу шерийн юьххьехь тIехулара скважинаш тишлуш йара: 1989-чу шерашкахь мехкдаьтта даккхар шарахь 21 миллион тонн терахьера 7,4 миллион тонна лахделира, ткъа кхин а пхи шо даьлча и барам 5,3 тонн тIе охьаделира. Лаьмнийн маьIда даккхаран промышленность юхаметтахIотто йаьккхий технологически инвестициш оьшу, амма цу шерашкахь къийеллачу СССР-ан сацам хилира керла скважинашна буро тоха а, тишйелларш ц1инйан а керла хьашташ билгал ца дан.

      Буьйда мехкдаьтта даккхар лахдаларо доккха зен дира меттигера экономикина: 1960-чу шерийн юьххьехь Нохч-ГIалгIайн 70% бюджет мехкдаьтта доьхкина хуьлучe пайданах лаьтташ йара, ткъа и даккхар сацийча ликвидностан халонашна тIеIоттайелира нохчийн экономика.

      Москван правительство юкъагIоьртира мехкдаьтта доьхкина хуьлуш болу пайда Нохч-ГIалгIайн казначу ахчанан трансферташца хуьйцуш: оцу кепара Кремла юхатуьйхира республикина тIейогIуш хилла йоккха экономически кризис, амма республика шен гIоьнах йозуш а йира. Социальни кхачаллин цу политикас меттигера экономикина аьтто ца белира хийцайала. Оцу кепара, мехкдаьтта даккхар даима лахлуш доллушшехь (1990-чу шарахь 4,2 миллион тонна буьйда мехкдаьтта даьккхинера, 1991-чу шарахь 4,1 тонна, 1992-чу шарахь 3,6 тонна ишта кхи дIа а), кхин йолу экономикан сектораш хьалха хилла пайданаш хийцан а, къовсам латто а ницкъ болуш йацара.

      Горбачевс схьайиллинчу демократис самабаьккхинера церан къоман кхетам, ткъа хIинца кху халонашца иза кхин а чIогIа марсабаьллера.

      Центральни Iедална шаьш дуьхьал хилар дуьххьара нохчаша гайтира Гуьмсахь биохомически завод йан йолор ю аьлла хаам беъча. Инженер Ижбулатов Руслан коьртехь а волуш, талламхойн тобано дIайахьанчу


Скачать книгу