Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том. Бенедетти Франческо

Читать онлайн книгу.

Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том - Бенедетти Франческо


Скачать книгу
Аьчка некъаш дохкуш, административни гIишлош еш, некъаш тадеш, шуьйра болх бара цигахь дIахьош. Паччахьан Iедало цига шортта хьаькамаш а дIахьажийра болх бан, ткъа Кавказ Паччахьа билгал виначу губернаторана тешийна йара.

      Паччахьан Iедалера Советан Iедале кхаччалц

      Нохчийн историн керла агIо йиллира 1800-чу шерийн чаккхенехь тIейеанчу промышленни революцис.

      Соьлжа-ГIалин йистошкахь мехкдаьтта долу масех меттиг карийнера, ткъа кестта Нохчийчоь дIайуьзнера Iаьржачу деших.

      [5] Нохчийчоь дуьнен чохь дуьххьара меттиг ю мехдаьтта даккхар промышленни кепе деирзина йолу. Махкахь дуьххьара «кху заманан» мехкдаьттан скважина схьайллинера 1893-чу шарахь Соьлжа-ГIалин гена доцуш, ткъа хIетахь дуьйна Нохчийчоьнан лаьттан кийрара 420 миллион тонн буьйда мехкдаьтта даьккхина.

      Атта буро тоха мегаш долу керла маьIданаш карор бахьана долуш 1900-чу шерашкара дуьйна Нохчийчоьнна сиха шайн тидам тIеберзийра францойн а, немцойн а, голландски а компаниша.

      Меттигера латтанийн дай реза хуьлура мехкдаьттан компанишка скважинашкахь болх байта, цара хIора шарахь богIу мах схьабелча. Амма 1900-чу шеран 10-ч шерашкара дуьйна цхьаболчу хьоладайша шаьш болх бора, оцу кепара цара шайна шортта рицкъа даьккхира.

      Йохкар-эцаран хьалхара тоба кхоллайелира маьIданаш дохучу балхана гонаха: углеводородаш (мехк-даьтта) йохкар-эцарехь а, галин гIишлон йан пачхьалкхан хуьлу заказаш а бахьана долуш, гучуйелира буржуази, ткъа церан бераш йа Москвахь доьшуш дара, йа эскарехь тIеман гIуллакх дIакхоьхьуш дара.

      Мехкдаьтта бахьанехь гучубевлла хьоладайша шайн йохкар-эцарехула а, политикехула йукъаметтигийн зIе кхоьллира, ткъа царех цхьа болчу векалша Паччахьана Iедалан балха тIехь баккхий кхиамаш а бохура.

      Хеталора, дуьххьара нохчийн юкъараллин цхьа дакъа мукъне а оьрсийшца берта а деана, бIешерашкахь цIий Iенийначул тIаьхьа, шина къомана юкъахь тешаман а, доттагIалинн йукъаметтигаш кхоллайала тарло.

      Амма, нагахь санна хьал долуш йолчу нохчийн буржуазин Россица дика йукъаметтигаш нисйеллехь а, амма дукхох болу бахархой хIинца а цабезам а, гамо а йолуш бара.

      [6] Бахархоша къобалдеш дара обаргаша лелош дерг, хIунда аьлча цара пачхьалкхан рицкъана а, иштта лулара гIалгIазкхишна а къола дора, ткъа шаьш лачкъийна ахча къен Iаш болчу меттигера бахархошна дIасадоькъура. Уггаре а чIогIа цIеяххана вевзаш хилла обарг ву Харачойн Зеламха. 1901-чу шарахь стаг вер бахьана долуш, Iедалах ведда лела дезна цуьнан. Шен тоба а кхоьллина, цо банкашна а, почтийн отделенишна а тIелатарш дора, цигара лачкъийна ахча ламанхошна дIа а доькъуш. Иза вайн Робин Гуд халкълахь шуьйра вевзаш вара. Нагахь санна Робин Гуд къуйн эла хиллехь, ткъа Зеламха лаьмнийн эла хилла. И сацо Россин Правительствос цуьнан доьзал дIалаьцнера, ткъа цуьнан коьртах 18 000 сом ахча мах а хIоттийнера. Билгалдаккха деза, цу заманехь иза оццул доккха ахча доллушшехь, цхьа а ламанхо Зеламхина айкх эцна Iедална тIевахана ца хилла. Цо ша юьхьарлаьцна некъ дIакхехьнера 1913-гIа шо кхаччалц. ХIетахь полицин аьтто баьллера цуьнан лар талла


Скачать книгу