Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том. Бенедетти Франческо

Читать онлайн книгу.

Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том - Бенедетти Франческо


Скачать книгу
хиларан.

      ГIаланаш а, йарташ а йуха а синтем бойна йара, ткъа революционераш монархина тIелетира.

      1917-чу шеран чилланан баттахь керла революци бахьана долуш Николай Паччахьан дийзира васхал тIера восса, ткъа цу шеран эсаран баттахь Iедал большевикаша дIалецира.

      Паччахьан Iедал дохаро Кавказан къаьмнийн дегнашка маьрша довларе сатийсам боссийра.

      1917-чу шеран бекарг беттан 27-чохь, паччахьа шен дарж дитина ши де далале, дуьххьара Нохчийн конгресс хилира.

      Иза вовшахтоьхнера тIеман гIуллакхойн доьзалера схьаваьллачу Чермойн Тапас. Цуьнан да паччахьан эскаран инарла хилла, ткъа и ша паччахьан гвардехь тIеман гIуллакх дIакхоьхьуш хилла, ткъа ша пенси вахале цо Соьлжа-ГIалахь мехкдаьттан бизнес а йолийна, цунах цIейаххана совдегар хилира.

      Большевистски революци йолалуш, иза Хьалхара дуьненан тIом баьллачул тIаьхьа ша юха кхайкхина хиллачу эскарехь вара.

      Иза сиха Даймахка цIа кхечира. Чермойн Тапа тешна вара йозуш йоцу Кавказан маьрша пачхьалкхан бен аьтто бер бац шен къам коммунизмах ларда. Ала деза, коммунизмана иза чIогIа дуьхьал вара.

      Ассамблея чекхйаьлла масех де даьлча ломара къаьмнийн Конгресс хилира, цигахь дакъа лецира Кавказан массо а къаьмнийн векалша. Чермойн Тапа маршонан цхьа майда кхолла гIертара, амма цуьнан сатийсамаш буьйхира Конгресс шина декъе йекъайелча. Цхьа дакъа светски республика кхолла лууш дара, важа Шемалан имаматан хатIехь динан пачхьалкха кхолла лууш дара.

      Большевикаша хазахетарца йуьхьарлецира ламанхойн барт бохар. Кавказхой шайгахьа берзо Iалашонца цара тешо йира Къилбаседа Кавказехь шарIаца догIуш пачхьалкха кхолларехь шаьш гIо дийр ду аьлла.

      И политически ловзар дукха хьолахь доьзна дара Россин дукхох долчу эскара а, буржуазис а контререволюционни фронт кхуллуш хиларца.

      Иза вовшакхийтира лаккхарчу эпсарашна гонаха. Уьш бара инарлаш Корнилов а, Деникин а, Юденич а, Семенов а. Цара шайн эскар кхоьллира, цуьнан гIоьнца коммунистийн куьйг кIелахь йолу провинцишна тIелатар а дира.

      Россин Къилбахь Ленинан толамна коьрта новкъарло йара даима Паччахьан муьтIахь хилла а, цо шортта латта делла а болу гIалгIазкхий.

      ЦIечу эскархша нохчашна дош делира, нагахь санна цара шайн политика къобалйина тIелацахь, шаьш гIалгIазкхийн латтанаш нохчашна дIалур ду аьлла.

      Эххар а мацах дуьйна шайн хилла латтанаш йуха а дола доьрзур ду аьлла сатийсам дагчу боьсиина нохчийн къинхьегамхоша, дукха ойла ца йеш революционерийн агIо а лаьцна, гIалгIазкхишна тIелатар дира.

      Ткъа уьш, шайн рогIехь шайн бахам дIабала ца туьгуш «кIайчеран» могIе хIитта буьйлабелира.

      Цу хиламийн муьрехь Росси Центральни империшна дуьхьал тIом боло кечам беш йара.

      Хьашт дара арахьара фронт мукъне а дIакъовла, цундела большевикийн сацам хилира мосгагIийн билламаш тIеэца. 1918-чу шеран бекарг беттан 3-чохь Брест-Литовск гIалахь Росси къера хилира шен мостагIаша Польша а, Балти а, Финлянди а, Украина а, Закавказье (Йоккха а, Жима а Кавказана йуккъахь Iуьллу регион. Карарчу хенахь цуьнан хьаьрма дIалоцу Гуьржи


Скачать книгу