Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том. Бенедетти Франческо
Читать онлайн книгу.Вай хьалха билгал ма даккхара, нохчаша цу тIамехь кхин долчу кегийчу къаьмнашца дустича, уггаре а къеггина лар йитина. Цара доьналлица ларйина Брест гIап, Курск, Ленинград, Сталинград. Нохчо хилла берхIиттара бен валанза волу къона пулеметчик Нурадилов Ханпаша цо шен куьйга х1аллак вина 920 фашист. Иштта, нохчий хилла Эльба хи йистехь барт бина волу эпсар Висаитов Мовлид, Рейхстаган херцарш тIехь цIен байракх айбина волу Исмаилов Хьаким. ТIеман муьрехь эзар нохчо пачхьалкхан совгIатаца билгалвоккхур ву.
Амма мехала дакъа ца лаьцна бохург иза боьха харцо йара, ткъа иштта дика идеологически гIулч а йара Ермоловс болийна некъ чекхбаккха, ткъа дуьненна-м бала бацара цигахь хуьлучунан.
Берияс Сталинан омра йист йоцучу къизаллица кхочуш дира, Соьлжа-ГIала НКВД агентийн тоба дIа а кхачийна. Цо шен нахана омра дира нохчаша а, гIалгIайша а гайтина «йамартлонан» тоьшаллаш гулде аьлла. Халкъан комиссараша диначу жамIехь билгалдоккхуш дара ткъе берхIитта динан секта а хилла, цу йукъа вогIуш Советан Iедал дохо Iалашо йолу ткъех эзар гергга стаг а хилла аьлла.
Сталинан къинхетам боцучу чалтача хIинцале буьззину барамехь гайтинера шен къизалла, цкъа ша схьаваьллачу Закавказьехь, ткъа йуха Польшехь, Балтийан мехкашкахь. И меттигаш цо цIанйинера интеллигенцих а, буржуазих а. ГIебартойн-Балкхарехь а, Кхарачойн-Чергизахь а шен тIеман машен зийначул тIаьхьа, цо сацам бира Iаьнан чаккхенехь нохчашца а, гIалгIайшца а дерг къасто.
1943-чу шеран гIуранан баттахь дуьйна 1944-чу шеран кхолламан бутт кхаччалц саьлтий а, НКВД белхалой а Нохч-ГIалгIайчу кхачийнера йалта гулда кечам беш болчухула.
Машенаш а, цIерпошташ а хIинцале кечйинера тIеман складашкахь а, аьчка некъийн станцияшкахь а. Ткъа оцу хенахь саьлтий берриге а махкахь гарнизонаш кхуллуш бара.
Чилланан беттан 22-23-чу буса дIайолайелира оьрсийша «Чечевица» аьлла йолу операци, ткъа нохчийн исторехь иза «Ардахар» цIарца йевза.
Цхьаьна дийнахь нохчийн нийсса ах къам даьхний дIасалелочу цIерпошташна чу а доьттина Центральни Ази дIахьажийра. Масех де далале и гIуллакх кхочуш дийр дара тIаьхьадиссиначу къомаца а. Ког ца баккхалучунна йа дIаваха ницкъ боцучунна цу меттехь тоьпаш тухуш йара. Муьлхха а дуьхьало йар эрна дара, ткъа и дуьхьало йан цхьа ойла бен кхоллайелла йоцу йарташ цIе тессина йагош йара, ткъа цигара адам дуьйш дара.
Республикин къилбахь ло хIинца а дашанза долуш, ламанца дIасалела чIогIа хала дара, амма коммунисташа-м хIумма а хало йоцуш, охьалаьхкира адамаш.
Баккхий нах, бераш, зударий, заIаьп нах меттигехь тоьпаш тоьхна бойуш бара.
[12] Нохчийн къоман исторехь цкъа а йоьрзур йоцу чов ю Хьайбахехь НКВД-с гайтина къизалла. ГаланчIожан лаьмнашкахь Iуьллучу цу жима юьртара адам охьадаккха хала дара, амма Бериян омра кхочуш ца дан йиш яцара, цундела шен хьаькамна муьтIахь хилар гойтуш, НКВД эпсара, полковник Гвешианис омра дира 700 стаг божалчохь цIе тессина ваго.
Ткъа дийна цIерпошташна тIекхаьчна болчара дIаболийра кха кIиранна бахбелла шайн Iожаллин некъ.
Даьхний санна