Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том. Бенедетти Франческо

Читать онлайн книгу.

Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том - Бенедетти Франческо


Скачать книгу
дуьйцура йа Кавказан тIом а ца хилла, йа ламанхоша шайн маршо а ца къиссина. ХIетахь хилларг иза Дагестанан а, Нохчийчоьнан а, Чергизойн а акха ламанхоша деш долу къолаанаш сацо гIерташ, царна цивилизацин баххаш довзо гIерташ Россис къахьегар ду.

      И харцо йешча кхета мегар ду Виноградовна хьалха нохчийн истори бехйан, цуьнан сийлаллин зIаьнарш гуттаренна а йайа хIоттийна билггал Iалашо хиллий. Советски Союза хIетахь барам боцуш къа хьоьгура ламанхой тешо ша гIерташ шаьш царна цивилизаци а, культура а йеана бохучу ойланах. Амма ламанхоша цу «цивилизацих» муха махбелла а вайна хууш ду.

      Политически раж хийцайелла йоллушшехь, цу пачхьалкхан нохчашца болу имперски хьежамаш кхин хийца ца белира. Советан Iедалан сацам хилира нохчийн йукъаралла социальни уггаре а лахарчу тIегIане йаьккха, цуьнан къоман кхетам, Iадат, ламаст хIаллак дина дIадаккха, тIекхуьу чкъор тешо шен къам бух болуш ца хиларах, ткъа Iедална муьтIахь хилчхьана кхин дахарехь Iалашо йоцучу Виноградовс хIуммаъ хало ца йеш йаздора шен харц жайнаш.

      Ша сийлахь воккха историк а, кавказовед а хеташ волу Виноградов ма-дарра аьлча, Iедало ловзош йолу тайниг йара, ткъа цуьнан йозанаш хIинца вайна ма-хаъара доь доцуш дайна, ткъа Кавказан историн а, Iаламан а, син-оьздангаллин а сийлалла дуьненнна а йевзаш йу.

      Виноградов Iедало ловзош вара. Цунна хьалха хIоттийна коьрта Iалашо йара колхозехь болх бан бен кхин карах дер доцу, Iилманна тIера воцучу акха нохчочун васт кхоллар.

      Ткъа Iедалан культурин ирхенашка кхача нохчо йа Делах, динах ваьлла хила везара йа, оьрсий зуда йигна хила везара. Йоккха программа йара чухецна нохчийн кхиамаш къайлабаха Iалашонца. Ткъа иза кхочуш йар долийнера 30-чу шерашкахь дуьйна. Къаьсттина хIетахь кога хIотта ца йуьтуш, лестош йара нохчийн интеллигенци. Цуьнан къеггина масала ду Нохч-ГIалгIайчоьнан йаздархойн Союзан болх. Союзан шийтта декъашхочунна юкъара иссанна хан тоьхнера, ворхI Сибрех хьажийнера, виъ тоьпаш тоьхна вийнера. Нохчийн культурин а, Iилманан а гучудаьлла мел жима зIийдиг а Iедалан къизачу херхо дIахьокхуш дара.

      Ткъа Соьлжа-ГIала-м Советски Союзан гIала санна хаза кхууьш йара, и йоккха пачхьалкха шен сурсаташца йузор цо цхьаьна денна сацийна а дацара.

      Нохчийн хIаллак йиначу интелллигенцин кхин цхьа тоьшалла ду – Цебиев Ахьмад – нохчийн Iилманан дIабайна малх, дуьненахь а вевзаш хилла физик.

      Цуьнан цIе къиза къолам хьаькхна йайинера Советан Iедало, ткъа цо мел бина Iилманан болх, цуьнан мел хилла кхиам цуьнан накъосташна дIабеллера. «Явление генерации СВЧ – колебаний полупроводниковым диодом с одним p-n—переходом» – цу Iилманан хиламах хIинца а жигара пайда оьцу зIенийн гIирсаш кхолларехь а, вайна массарна а йевзаш йолу мобильни телефонаш йарехь а.

      Карарчу хенахь, нохчашна шайна а ца хаьа шен йист йоцучу аьттонашца вай цец дийхина ца йолу мобильни телефон кхолларехь шайн махкахочун Цебиев Ахьмадан хааршах пайда эцна хиллий.

      Ткъа Iамаьркара а, Японера а, кхин болчу мехкашкара а тоьллачу электронни фирмаша цу Iилманан хиламан буха тIехь хIинца а керланиг


Скачать книгу