Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том. Бенедетти Франческо
Читать онлайн книгу.ишта яздо Шемала: «Лараме, королева! Дуккха а шерашкахь дуьйна Россица къиссам латтош ду тхо тхайн маршо а, тхайн паргIато а бахьнехь. ХIора шарахь тхан токхамаш санна тхан тогIишна чухьовдучу мостагIашна дуьхьало ян езаш хуьлу тхо. Тхан къиссам чIогIа а, къиза а бу. ХIора Iай тхайн зударий а, бераш а генарчу хьаннашкахь къайладоху оха, ткъа церан цигахь мацалла а, шело а лан деза. Амма хIете а, Далла тIе болх а биллина тхо юхадовлуш дац. Оха доьху хьоьга, королева, гIо де тхуна.
.
Амма Ингалс пачхьалкхе дехна орца а жоп доцуш диссира. Мацалло, халонаша кIелбитина ламанхой, хIинца дукха хьолахь реза бара оьрсишца барт бан.
Цара хIинца йалта дIадийна аренаш ларъйар бен, кхин башха къиссам бацара латтош.
1859-чу шеран товбецан беттан 6-чохь Шемала мостагIашна къарвала сацам бира.
ТIевахар бахьана долуш, паччахьа таIзар ца деш, кIелхьараваьккхира иза. Москва гIалина йистехь доккха цIено а делира, иштта Макке хьаж дан аьтто а бира, ткъа и хьаж дечохь имам кхелхира.
Цуьнан юххера накъостий а, цул совнаха, кIентий а, бюрократи а, Паччахьан эскаре а кхайкхинера, Россина муьтIахь йолу Кавказан дуьххьара политически тоба кхолла Iалашонца.
Ламанхой къарбаран политика кхиам болуш хилира: ткъа шарахь Кавказ синтеме йара, ткъа масех гIаттам, имперски эскараша сиха сацийра.
Амма хIете а, 1870-чу шерийн чаккхенехь, нохчийн гIаттаман алу йуха а марсайелира. Керла баьччан, бусулба динан хьехамчан, доьналла долчу, къоначу бIаьхочун Зандакъара Албик-Хьаьжин аьтто белира эскар вовшах а тоьхна, Нохчийчоьхь гIаттам айба а, иштта ша арабаьккхина некъ луларчу Дагестане кховдо а.
Йуха а Паччахьан эскара сийна цIе йиллира Нохчийчоьнах. 1877-чу шарера 1881 шо кхаччалц, Нохчийчоьхь тIом бара, цу тIамо йохийна, йаьржийнера дукхох йолу йарташ, царех йиссинарш херцарш бен йацара.
Керлачу гIаттама дукха нохчийн бIаьхой а, иштта маьрша адам а хIаллак дира, амма дукха хьолахь цо гайтира Имам Шемал тIеваханачул тIаьхьа Николай Паччахьа лелош йолу политика нохчаша къобалйина ца хилар.
Керлачу паччахьа КхоалгIачу Александра сацам бира оьрсий а, кавказхой а маьрша бахалур бац аьлла, цундела царех уггаре а къар ца луш берш, Iеха а бина, махкаха баха беза.
Цу керлачу доктринех уггаре а хьалха лаккхара мах дIабелира нохчаша а, гIалгIайша а. Паччахьан Iедало гIад дайина долчу цу шина къоман лаам хилира Урдуне а, Хонкаре а, Шеме а дехьадовла. Уьш махкаха арадовдаран агIонах нохчийн исторехь мухIажаралла олу.
ТIебаьхкина нохчий османаша уггаре а кхераме йолчу меттиге баха ховшийтира. Хиджазски аьчка некъ буьллучу регионна даима Iаьрбоша тIелатар дора, ткъа баланех кIелхьарабовла дагахь, бевдда баьхкинчу нохчийн, цигахь а къиссам латто дийзира.
Билгалдаккха деза, махкаха бевлла боллушшехь нохчаша аренца йоккха лар йитира цу пачхьалкхийн дахарехь, шайн доьналлица а, хьекъалца а, оьздангаллица а.
Цара шайн йукъараллин а, оьздангаллин а кхерч кхоьллира, жигара дакъа лоцура мехкан дахарехь. Нохчаша къаьсттина кхиамаш гайтина Урдунехь.