Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том. Бенедетти Франческо
Читать онлайн книгу.ЦIе Эскар. Шерипов Асланбека мехала дакъа лецира Нохчийчоьхь Советан Iедал хIотторехь.
Нохчийн эпсаран доьзалера схьаваьлла волчу цо кхиамца чекхйаьккхира кадетски корпус, ткъа цул тIаьхьа къеггина лар йитира республикин йукъараллин а, политически а дахарехь.
Цул совнаха, иза похIма долу публицист а, фольклорист а, гочдархо а хилла, масех мотт а хууш хилла цунна.
Билгалдаккха деза, ШериповгIеран доьзалехь йалх ваша хилла, уьш махкахь шуьйра бевзаш политикаш а, Iилманчаш а, культурин гIуллакххой а хилла.
Большевикаша деллачу дашах тешна, нохчийн эххар а шайн латтанийн дай хир бу аьлла сатийсамо Iехийначу Шериповс шен дерриге а доьналла а, хьекъал а тIехьажийра кIайчу эскарна дуьхьал бечу къиссамна.
Цу мIаьргонехь нохчий тешара коммунисташа толам баьккхича, шайн латтанаш лело а, шарIанца даха а шайн аьтто хир бу.
Амма революционераша Кавказ шайн тергоне лоццушшехь, цара Эмират дIа а йоккхуш, федеративни республикийн къорза куз тессира, Россин Советски Федеративни Социалистически Республикаца (РСФСР) цхьаьна, иза а Советски Социалистически Республикийн Союзана (СССР) йукъа йогIуш йара
Нохчийчоь а, луларчу ГIалгIайчоьнца цхьаьна Нохч-ГIалгIайн Автономни Советски Социалистически Республикина йукъа йахара (Чечено-Ингушская АССР)
Нохчашна дIалур ду аьлла латта-м кхин хьахош дацара цхьаммо а.
Масех шо даьлча, 1929-чу шарахь Кавказ Союзан хьаьрмахь шуьйра коллективизаци йина хьалхара меттиг хилира.
Нохчашкара долахь долу латтанаш схьа а дохуш, уьш колхозашна дIалуш дара, ткъа цу колхозашкахь къа хьега дезаш вара массо а.
Пачхьалкхас пайдехь мехашца йалта оьцур ду, ткъа цуьнан метта мокъазалла лур йу.
Проектан башха дика жамIаш ца хиллера, коммунисташна толам баккха гIо динчу нохчийн цабезам марсабаккхар бен. Шайн латтанийн дола дан аьтто хиларе сатийсина болу уьш, мелхо а шайгахь долчунах а бевлира.
[8] Нохчий цхьаъ санна массо а дуьхьал велира коллективизацина. Историка Некрич Александра дийцарехь, Нохчийчоьхь долахь латтанаш дан а дацара. Аренца Iаш болчарна юкъахь хIинцале хи а, латта а, хьаннаш а екъар долийнера, ткъа «кулак» бохучу дешан маьIна а дайнера. Итта шерашна юкъахь коллективизацис дIалаьцнера дукхох долу аханан латтанаш. Амма бахархой цу гIуллакхна реза бацара, царна ца лаьара юкъара латтанаш лело. Ойла йел аш: 20% гергга бахархой цхьаьна а дийнахь колхозехь болх бина бацара, ткъа 46,3% шарахь 50 дийнахь бен болх бина бацара.
Дуккха а шерашкахь шайн паргIато а, маршо а къиссина болчу нохчашна йинарг йоккха йамартло йара. Мацах дуьйна шайн хиллачу латтанийн дай хила аьтто ца баларал совнаха, хIинца церан таро йацара шаьш къахьегна даьккхинчу рицкъанах шайна ма-хетта пайда эца.
Йалта а, даьхний а хIинца Iедалан долахь дара, ткъа реза боцучарна тоьпаш тухуш йара, йа цаьрга хьоьжуш Сибрехара набахтеш йара.
Керлачу политически ражана дуьхьал айбиначу гIаттамаша Нохчийчоь синтемах йохийнера