Дахаран туьха. Роман. Акаев ИсмаIал
Читать онлайн книгу.а дохийна дара…
Шен йезаре болчу безамо ницкъ лора цунна дахарах тийссавала а, диканах дог ца дилла а. Шаьлта тоьхна кхоьссина дIадахийтира цо тIулгаша дохийна куьйг а, ког а. Шен са ма-дду тийсалуш схьалавелира иза цигара, амма заьIап виссинера. КIанта йоьIе йолу ойла хийцира. Цунна ца лиира шен йезаран дахар заьIап стаг лелош кхоло. Цо геланча вахийтира йезар йолчу иза шен безамах ша мокъа йуьту, кхечуьнга маре йаха бакъо луш аьлла хаам эцна. Амма йоьIан ойла хийца ца йеллера, цо дуьхьал жоп даийтира ша цуьнга йогIур йу аьлла иза мухха велахь а. Цул тIаьхьа цхьаьна дийнахь шовданера хи эцна йогIучу цунна дуьхьал велира хьол-да. ЙоьIан куьйгах кIоршаме ка а тухуш цо элира:
– ХIинца-м соьх йаьлла цхьанхьа а гIойла дацара хьан! Ас хьо сийсаза йина – ас куьйг Iоьттина хьоьх, цундела соьга бен маре гIойла дац хьан цхьаьнга а.
Цу мIаьргонехь шена тIекхевдинчун хантIехь кхозуш хилла шаьлта схьа а йаьккхина, цуьнца тоьхна шен куьйг дIа а доккхуш, йоьIа элира:
– ХIинца со цIена йу! Ас ца йити сайн дегIатIехь сийсаза хилла меже…
– ХIай, адамаш! Дагахь латтаде шайна, цхьаьна Iилманчас ма-аллара хьарам долчунах ларлуш дуьненчохь ваха мел хала делахь а, амма цунах хин йолу йал оза терза карор доцуш йеза йу шуна. Ойла йе, адамаш! Ларло хьарам хIуманах! – дерзийра шен къамел Абу-Хьаьжас.
Йуха а тIекхечира буьйса. Массо а дIавахара.
Заурбекан доьзалехь йуха а вижанза шиъ вара. Заурбек вехха Iера шен жимох волчу кIантаца, цунна хьехамаш беш, КъорIан доьшуш, цуьнан доьхна дог оьцуш. Буьйса йукъайаьлча бен дIа ца вахийтира цо иза садаIа.
Шена тIехь йолчу хIуманашца дIатеIира ИбрахIим. Схьадиллиначу корахула хьоькхучу аьхкенан мелачу мохо ховха хьоьстура цуьнан йогу йуьхь. БIаьргаш дIа а хьаббина вехха Iиллира иза. Цхьа шатайпа синтем боьссира кийра. ЙухьатIехула охьахьаьдира дуьрачу бIаьрхин тIадам. Хеталора цу жимачу тIадама хIордан тулгIено санна шеца дIахьо кху масех дийнахь дагчохь даш санна базбелла лазам. ИбрахIим кхетара кху гIуллакхан хIинца а йистйаьлла йоций, кханалера Iуьйре а шеца гIайгIа йахьаш йогIур йуй, амма иза кийча ву кхолламан Iовжорах кхин цкъаъ чекхвала. Хеталора кху цхьаьна буса дахаро зийна, жималлин мур дIабаьлла, иза гIеметтахIоьттина.
Кху буса деца хиллачу къамело керла ницкъ а, кхин а сов доьналла а деллера кIантана. Ткъа ИбрахIима тахана гулбеллачарна хьалха диначу къамелан хьокъехь вистхуьлуш, дас элира:
– ИбрахIим! Хьо чов хилла экха санна лаьттара цу нахана хьалха. Адаман сибаташкара боьхна нах цхьогалшах тарло, шайна дуьхьал берзалойн сибате бирзина нах бевлча. Цундела дахарехь муьлхха а киртиг тIехIоьттича, адаман кепера ма вохалахь, адамалла ларъйелахь хьайгахь! Ца кхоьруш ваха лаахь, вала а ма кхералахь…
III
Йуха а йоьссира Iуьйре, лаьмнийн кIажехь Iуьллучу йуьртана тIехула шен сийналла йаржош. Заурбекан кертахь йуха а гуллуш дара адам. Хилларг цхьаьна мIаьргонна мукъне а дицдан гIерташ, дезарш деш дIасхьауьдура Хеда. Шен доьзална ша бахьана долуш эхь тIедаарна ойла йоьхна Зарган, нана йолчура