Дахаран туьха. Роман. Акаев ИсмаIал

Читать онлайн книгу.

Дахаран туьха. Роман - Акаев ИсмаIал


Скачать книгу
гIортар бахьана долуш хIаллакьхила бисте кхечира Афганистан. Дерриге а дуьненна дIахьединера Афганистанера хьал Советски Союзан къилбера дозанна кхераме ду аьлла а, иштта СССР «декъазчу» афганцашна халкъана ницкъ беш болчу пачхьалкхан дIахIоттамах кIелхьарадовла гIо дан декхарийлахь йу аьлла а.

      Партийн гуламашкахь а, кхеташонашкахь а партис а, правительствос а дина дIахьедар хазахетарца тIелецира къинхьегамхоша. Интеллигенци ша интеллигенци хиларе терра йист ца хуьлуш, оьзда Iаш йара, ткъа наггахь цхьалха диссидента туху мохь дерриге а халкъан хазахетаран цIогIанехь хезийла а дацара.

      Оцу кепара дийнна халкъо къобал а деш 1979-чу шарахь СССР шен берриге а тIеман ницкъаца Афганистанна тIелетира, Iедало хьийзош долу цуьнан къам кIелхьарадаккха Iалашо йуьхьар а лаьцна. Къиза а, ирча а тIеман зама кхайкхаза хьаша хилла йоьссира Афганистане. БIе эзар маьрша адам хIаллакьхилира, иштта эзарнаш, эзарнаш интернационалисташ-тIемалой а эгнера цу муьрехь. Амма Афганистанна дуьхьал ша долийнарг сий долуш чекх ца делира йа советски политикина а, йа цуьнан герзана а. Феодализман муьрехь хиллачу Афганистанаца биначу тIамехь СССР эшаран бахьанаш иза дукха ойла йан хьакъ долу чолхе хIума ду.

      Кхузахь билгалдаккха хьашт ду цу толамехь куьйг бехкениг уггаре а хьалха ша Афганистанан къам а ду, иштта итта шеран йохаллехь цу къиссамехь царна гIо дина йолу пачхьалкхаш а йу. Ткъа кху сохьта тIом болалуш бен бацара…

      Дуьненан йалхолгIа дакъа дIалоцучу Советски Союзан хьаьрмахь хаамийн пропаганда дIайолайелира. Шен бахархойн кхетамна тIеIаткъам бан Iалашонца, пропагандин ницкъ болу машен чухийцира СССР-а. Бакъдерг ала деза, цо шен болх цхьа а шеко йоцуш дика кхочуш а бира. Дош ала башха бакъо йоцу кIезигаха дакъа диссалц, советски адамо Iаьржаниг кIайн а лоруш, цхьаьнаэшшара къобалдира шайн пачхьалкха Афганистанна тIелатар. Цул совнаха, цу тIамехь эгначийн наношна-м хетара шайн кIентий бакъо къуьссуш кхелхина.

      Тамаша бацара башха дахаро зийна воцу ИбрахIим а Советан Iедало шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь дуьйцучух тешар. Коммунистически ойланашца кхиийна волу жима стаг доггах тешара шен пачхьалкха адамана зенехь хир йоций, иза нийсонан бухтIехь кхоьллина хиларах. Цунна коьртачу а догIур дацара цкъа а, СССР-а оццул мекара тIелатар дина Афганистанан машар бохор буй. Воккхах волу ваша СаьIид ша кхето гIоьртича иза цунах ца тийшира. ИбрахIимана моьттура цо иза ша ларвархьама дуьйцуш ду. Дагчохь цо дуьйцучух ша реза воццушшехь, ИбрахIима моттаргIа йира вешина нийса хетарг дийр ду ша аьлла. Амма кIанта бина сацам цхьаьнга а хийцалур болуш бацара – ИбрахIим хьаьгна вара Даймехкан декхара дIадала. Иза тешара ша дахар ларда воьдуш хиларах, цунна ца хаьара ша цIий Iано цига воьдуш вуй.

      Кху гурахь ИбрахIим эскаре ваха везаш вара. Ишкол чекхйаьккхинчул тIаьхьа институте деша ваха цунна ца лиира, хIунда аьлча гуманитарни лаккхарчу дешаран хьукматаш чекхйаьхнарш эскаре иштта а кхойкхуш бу. Цуьнан хIетале 22—23 шо хир ду. Ткъа ИбрахIимана хетара хIинца шен йолчу хенахь эскарехь тIеIиттало халонаш


Скачать книгу