Кавказан баххьаш. Горцы. Мзия Ратиани

Читать онлайн книгу.

Кавказан баххьаш. Горцы - Мзия Ратиани


Скачать книгу
массо а хуьлучуьнга. КIант пису схьаэцна ваьлла аьлла хеттачу хенахь, га кагделира, амма цо тIаьххьара катуьйхира кIорних. Ткъа иза важа куьйгаца тассавелла хилла диттан га цуьнан йозалла ца лаелла, татанца кагделира, ткъа кIант карахь пису а долуш лаьтта охьавуьйжира шен хеча а йатIош, ткъа пису-м могуш-маьрша цуьнан карахь дара.

      – ХIара ду-кх хьан пису – самукъне дIакховдийра цо Фатике кIорни.

      ХIетахь дуьйна воккхах волчу вашас санна терго йора цо йоьIан. Балкхаре дIайоьдучу хенахь, цо чIогIа сагатдора Мушнина, сатуьйсура йуха а Сванете кхача.

      Иза элийн ширачу тайпанера схьаваьлла вара. Церан тайпа хIинца хьалха санна хьал долуш дацахь а, амма РатианигIар шайн доьналлица бевзара йукъараллехь.

      Кхойтта шо кхаьчча Фатикана везавелира Мушни, ткъа цуьнан безам жоп доцуш а ца биссира. Кавказан дукъа тIера уггаре а кхераме йолчу ирхенашкара гулдинчу зезагийн курсаш кхоьхьура цо йоьIана. Цуьнан санна ламанца лекха хьалавала ка йолуш Мушнин доттагIа Хергиани бен вацара.

      Ткъа хIинца Фатикин лаахь а, ца лаахь а нохчийн обарган зуда хила йеза. Цунах лаьцна дукха дуьйцу Кавказехь. Фатикина иза хьалха а гинера, ткъа тахна иза йехха хьоьжура цуьнга. Обарг хаза а, доьналла долуш а вара, амма ма хийра вара иза йоьIан дагна, цундела Фатика ца кхетара ша муха кхуллур ду цуьнца дахар. Амма йоьIана хаьара шен дас делла дош ша цкъа а дохор доций, цунах шен са дIадала дезаш хилахь а.

      Ахия цIа вогIуш вацара. Цуьнан вешин Асхатан а, Мушнин а сацам хилира Кутас Фатика Кундетово дIайуьгучу хенахь иза цуьнгара йаккха. Цу гIуллакхна цара вовшахтуьйхира уггаре а доьналла долчу итт балкхархочух тоба. Iуьйранна сатоссуш, уьш тIелатар дан дезачу меттигехь бара. Ткъа тобанна йукъара шиъ са а хилале Кундетово дIаваханера, цигара хьал меттигехь довза.

      Делкъа хенахь уьш говраш хаьхкина кхечира, тамашийна хаамца: нускал Кюнлюме, Ахия волчу далош ду, той а кхузахь хир долуш ду.

      Балкхархой цецбевллера: хIорш даккха гIиртина нускал, кхарна тIе доссош ду. Иза цкъа а хезна а, гина а доцу хIума дара.

      – Делан кхел йу иза, цунах цхьа а ваьлла вац, йа иза цхьаьнга а хийцаелла а йац – гIийла велакъежара дог диллина Мушни.

      – Кута а со санна Ахиян доттагIа ву, цундела со шуьца Кюнлюме дIавогIур ву, ткъа йуха массеран а Iодика а йина, сайн Даймахка дIагур ву – элира Мушнис, шен сингаттам ца лечкъош.

      Уьш кIотара схьакхаьчначу хенахь Ахиян кертахь шортта нах бара гулбелла: Ахиян да Тавшур а, церан цIийнах воккхах волу къано Абрек а. Уьш массо а хьоьжуш бара нускал схьакхачаре. Ахия кертахь цхьацца дезарш деш вара. Геннара схьакхетара кхехкочу жижиган хьожа. Гуш дара кху кертахь тойнна кечам беш хилар.

      – Шу мичахь лелаш ду? Нехан нахе цIентIехь гIо де баха дезаш ву-кх со – оьгIазвахара Ахия шен вежаршна. – Той кхузахь хир ду! Хьо а кечвала мегар дара, хьуьнха талла ваха араваьлча санна а ца Iаш – Мушнига хьаьжира иза.

      – Со дIавоьдуш ву, Ахия. Сайн йезаран тойнехь сакъеррал ницкъ болуш вац хьуна со – Мушнис ца лечкъадора шен бIаьрхиш. Ахияс


Скачать книгу