Кавказан баххьаш. Горцы. Мзия Ратиани
Читать онлайн книгу.Цу гIуллакхна шайн ницкъаш ца кхоийна цара цкъа а, амма даима а иза эрна хуьлу, хIунда аьлча нохчийн къоман ша мокхазан берд санна йоккха гIортор йу – цуьнан истори, мотт, син-оьздангалла.
Къаьсттина меттан хьокъехь дерг аьлча, билгалдаккха деза нохчийн мотт кху дуьнен чохь уггаре а хьал долчу а, ширачу а меттанашах цхьаъ хилар. Нохчийн меттан хIора а дош кIоргера чулацам а, маьIна а долуш ду. Нохчаша шайн маттахь йитина тIаьхьенна йовр йоцу лар – дуьненан да Дела хилар тешош. Цундела и Дела воцург шайн коьртехь цхьа а гина вац царна цкъа а, цундела ца хиъна царна цкъа а цхьанна а къарбала – йа паччахьан Iедална а, йа аренца тIелеташ хиллачу мостагIашна а, йа къизачу советски политически ражана а.
Нохчочо орамца хадош ду шен тайпанехь а, тукхумехь а ша санна волчу маьрша стагана тIехь олалла дар. Нохчаллехь каро мегар ду хьекъалан, динан бух. Цу буха тIехь кхуллуш хилла къомо шен кхане, нохчаллас къагош хилла цу къоман дахаран некъ.
Интернетан агIонашкахь «Горцы» цIе йолчу книган кийсагаш йеша сайн аьтто баьлча, суна йевзира сайн къоман амалан хIинцалц йевзина ца хилла цхьа йолу керла, сирла агIонаш. Ала деза, Ратиани Мурмана шен йозанашкахь йоккха лар йитина йерриге а Кавказан дахарехь. Цо цинцашца гулйина Кавказан сий лардеш хиллачеран дахаран истори.
Халахеташ делахь а, Мурман дуьнен чуьра дIавахана, маршонан зIаьнарша дахар къагийна хиллачарех ша йазйина йолу книга зорбане йаьккха а ца ларош. Йешархойн ирс хилла авторан йоьIана шен ден йозанаш карийна, цо книга зорбане йаьккхина. Лоьран корматалла йолчу Ратиани Мзияс, дерриге а дуьненна дийцина мел сийлахь хилла Кавказан кIентий, мел лаккхара хилла Кавказан хIора а къомера къонахийн доьналла. Кху книгин агIонашкахь Мзияс а, Мурмана а литературни исбаьхьа дашца, буьззинчу барамехь гайтина Кавказан обаргаша латтийна къиссам, церан лехамаш, цара гайтина хилла доьналла.
ХIара книга йешча хуур ду Кавказ цкъа а акха ца хиллий, мелхо а адамаллин а, син-оьздангаллин а масала иза хиллий. Нагахь санна Рим а, цуьнан бакъо а, иштта кхин йолу дуьненан пачхьалкхаллин кепаш а нохчийн Iадатаца дустича, мел дукха хIума Iамо дезар дара царна. ШарIанан бакъонаш а, Iадатан лехамаш а мах боцу хазна йу. Шен дахарехь царна тIетевжаш волчу ламанхочо цкъа а дийр дац зулам.
Адам син-оьздангаллехь кхиорехь Iаламат йоккха меттиг дIалоцу матто, цундела шеко йоцуш ала мегар ду, ишта маьрша, кIоргера мотт болчу къома цкъа а ца айайтина шена тIе шед. Цуьнан тоьшалла ду кху книган коьрта чулацам хилла кийсаг – къоначу элас тоьхна шед ца ладеллачу нохчочо динарг. Синхаамийн шорте цу маттаца ца хилча, къоман кхетам къен хуьлу. Тайп-тайпанчу меттанашах кхоллабелла болу мотт заманан йохалла бовр бу, иштта ша кхолла гIиртина къам а дIада кхераме ду.
ТкъолгIачу бIешеран йохаллехь Дела вац бохуш хиллачу къомо хIун ойла кховдор йу дуьненна? Хир буй цуьнан дахаре болу хьежамаш сирла а, цIена а? Иштачу къомо дуьненна зен бен дийр дац, цуьнгара синтем а, паргIато а хир йац цхьанна а. Цуьнан даима а лаам хир бу кегийчу