Дахаран туьха. Роман. Акаев ИсмаIал

Читать онлайн книгу.

Дахаран туьха. Роман - Акаев ИсмаIал


Скачать книгу
церан доьналлех а, дахаре болчу безамах а дуьзна и сирла аматаш. ЙоI кхийтира хIунда ву ишта чIогIа ИбрахIим массарех а къаьсташ. Лаьмнийн кийрара схьаваьлларг массарех а тера хуьлийла дацара, цундела вара иза ишта нуьре, ишта хаза, ишта зоьртала. ЙоьIана хиира хIинца иза хьанах тера ву – иза шена дезначу ламанех тера вара…

      Цу шиннан къамел деха хилира. ЙоьIана а, кIантана а лиира вовше довза. Церан бIаьра хьаьжча гуш дара хIара цхьаьнакхетар тIаьхьало йолуш хир дуй.

      Ольга а, Галина а цIа а кхетийна, ИбрахIима а, Юрийс а церан телефонийн номераш йийхира, кхи дIа а зIене бовла. Кегийчу нахана ца хаьара рогIера мокъа вала маца йиш хир йу.

      Маьлхан къегина зIаьнарш корах чухьоьжура, йоьIан къоначу дагах самукъне гилгаш а дохуш. Ойланаша хьийзош, ехачу аьхкенан буса йижна йацара йоI. Са хуьлуш бен набарна дIа ца тевжира иза, цундела башха тховса дог догIуш йацара Ольга. ДегIах хи а кхерзина, кухни чуйахара иза. Марта диъна а йаьлла, телевизор хьалха охьахиира Ольга, амма цу чохь а дацара гойтуш башха адамийн самукъа дер долуш хIума.

      Жимма хан йаьлча Галинига телефон туьйхира Ольгас. Цхьацца дуьйцуш, хабаре йаьллачу шина йоьIан къамелан тIаьххьара а коьрта чулацам хилира селхана вевзина ши кIант. Шортта дара цу шиннах лаьцна дийца хIума, цундела мехкарийн сацам хилира йуха а цхьаьнакхета. Селхана шаьшиъ леллачу парке а йеана йуха а гIанта охьалахйелира ши йоI. Гена доцуш лаьттара и ши йоI санна къона а ховха а долу кIайн даккх. Цо мехкарий аьхкенан йовхонах ларбеш, комаьршаллица шен IиндагIа кхийдадора.

      Ма дукха дара зудберийн дийца, ма къоналлин цIергахь догура, духхьара синхаамо хьаьстина и дегнаш. ХIоранна а хетара ша хаьржина волу кIант хазох а, дикох а, тоьлла а ву. Карарчу хенахь зудберийн цхьа сингаттам бара – маца вера ву теша и шиъ зIене? Вера а вуй теша? Галинин ойла кхоллайелира – нагахь санна кху кIиранан дийнахь ши кIант гучу ца валахь, и шиъ шаьшиъ тIеман декъе гIур йу. Бахьана каро хала дацара – сиха гIуллакх нисделла Ольги да волчу йеанера ала мегар ду, йа капитан Литвинов волчу. Амма Ольгина Галинас аьлларг хаза ца хийтира, хIунда аьлча йоьIана хаьара шен да реза хир воций.

      Мехкаршна хазбеллачу кIентийн коьрте а догIур дацара, шаьш дегнаш даьстина йолчу шина йоьIах цхьаъ подполковник Тарасовн йоI йуй. Амма ишта ду-кх дахар, шен къайленех дуьзна.

      Безаман Къа

      Зина бехкаман ницкъаца

      таIзаре дуьллу

      I

      ДIаделира цхьа кIира. Кегий нах кхи зIене ца бевлира. ШолгIа кIира а дIадахара мехкарша гIайгIане садетташ. Эххар а шотдийнахь Юрийс Галинига телефон туьйхира кху кIирнахь шаьшиъ ИбрахIимца вогIур ву аьлла уьш дуьххьара гиначу меттиге. Хаза хетта ког лаьттах ца кхеташ, Галина йедда йахара Ольга йолчу и кхаъ эцна. Цо сацанза неIан горгали боьттура, амма неI схьайоьллуш цхьа а вацара. Эххар а лифтан гIовгIа хезна дIахьаьжначу Галинина гира шен ненаца чуйогIу Ольга. Вера Степановна шена ца гуш санна Ольгина марайетталора


Скачать книгу